Аьчкан конструкцеш а, арматураш а, болатан тахтанаш а даран завод йан лерина

Шатайпанчу экономикин «Грозный» майданахь йан лерина аьчкан конструкцийн а, арматурийн а, болатан тахтанийн а завод.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима билгалдаьккхина вайн мехкан промышленность кхиорехь рогӀера гӀулч иза хирг хилар.

Цо дийцарехь, 1,2 млрд ₽ харж а йеш кхочушйийр йолчу оцу инвестицийн проекто кхуллур йу 130 гергга белхан меттиг.

Завод йаран хьокъехь барт хилла Нохчийчоьнан Правительствон а, «Газстройпром» йукъараллин а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: