Вайн спортсменийн кхиам
24-чу июнехь Хонкарарчу Стамбул гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кхиазхошна юкъахь Европин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера кхо спортсмен вара.
ДегIан йозалла 55 кийла йолчу спортсменашна юкъахь Ильясов ИбрахIим дукха атта финале велира. Турниран коьртачу латарехь цуьнан цхьаьнакхета дийзира Болгарерчу Микяй Салим Наимца. Оцу тасадаларехь жамI 11:0 долуш толам баьккхира вайн махкахочо.
ДегIан йозалла 66 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш хилла волу Рашитханов Сурхо а шена кхин хало ца еш финале велира. Амма меттигерчу Услу Энесца хиллачу цхьаьнакхетарехь иза сихавалар бахьана долуш жамI 5:2 долуш ийшира
ДегIан йозалла 120 кийла йолчу категорехь дика леташ ах-финале велира Хизриев Зелимхан. Амма финале вала цхьа кIеззиг аьтто ца белира. Бакъду, кхоалгIа меттиг къовсуш толам баьккхира вайн спортсмена.
Россин Ветеранийн чемпионатехь – нохчийн финал
Дукха хан йоццуш Курск гIаларчу спортан а, концертан а комплексехь чекхъелира ветеранашна юкъахь дзюдохула Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера кхо спортсмен вара.
ДегIан йозалла 66 кийла йолчу категорехь (35–39 шераш долчарна юкъахь) леташ волчу Диниев Рустама чемпионатехь шен кхаа цхьаьнакхетахь атта толамаш бахарца Россин чемпион хилира.
ДегIан йозалла 73 кийла йолчу категорехь (50–54 шераш долчарна юкъахь) дакъалоцуш вара вай махкара Болтиев Iабдал-Карим а, Гайрбеков Ахьдан а. Нохчи финале велира. Оцу чулацамечу цхьаьнакхетарехь тIах-аьлла леташ хиларна, ший а толам баьккхира I-К.Болтиевс.
М.Янгубаевн уьтталгIа толам
Германерчу Оффенбург гIалахь 20-чу июнехь дIаяьхьира ийначу кепара латарехула MFG организацин турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикера Янгубаев Муса.
Нохчийн спортсменан лата дийзира Лихтенштейнерчу Хорват Чабуца. Тасадаларан хьалахарчу раундехь ший а цхьатерра леташ вара. Амма шолгIа раунд йолаяларца вайн махкахочо дIахаийтира ша толам боккхург хилар. Иштта хорам беш йолу прием ярца нохчичо эшийра Хорват.
Билгалдаккха догIу, и толам Янгубаев Мусан корматаллин новкъахь уьтталгIа хилла хилар.
А.АБДУЛАЕВ
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо