Луларчу Ставрополан денна леринчу Шахматашкахула йолчу Йерригроссин турнирехь совгӀаталлин меттигаш йаьхна вайн республикерчу шахматисташа.

Оцу хьокъехь хаам бинчу НР-н шахматийн федерацин президента, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада церан цӀераш а йовзийтина:
— 1-ра меттиг — Саидов Билухьаьжа;
— 2-гӀа меттиг — Бимиев Ахьмада.
Цул сов, совгӀаталлин ларалучу хьалхарчу 8 меттигна йукъа вайн мехкан кхин цхьа векал а нисвелла — Дежурко Аркадий.
Ставрополан администрацис мехала совгӀаташ дина царна.
Билгалдоккху турнирехь дакъалоцуш цхьамогӀа субъекташкара 114 шахматист хилла хилар.
Иштта, шахматийн спорт вайн республикехь кхиарна тӀехь Ӏаткъаме терго латтош Кадыров Рамзан хилар а хаийтина Дудаев Ахьмада.