Бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран программа кхочушйарехь Россин субъекташлахь хьалхара йу Нохчийчоь.

Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима Правительствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Хууш ма-хиллара, 2021-22-чуй шерашкахь 4,6 эзар хӀусаман дозане кхачо йезаш йара вайн махкахь иштта газ.
Карарчу хенахь и болх 2,9 эзар хӀусаман дозанехь чекхбаьккхина, план 63,2%-на кхочуш а йеш.
Цул сов, кехаташ доцчу хӀусамашна бакъонийн бух кечбаран (кехаташ кечдаран) болх а жигара дӀахьош бу, план, хӀинцале а, 72%-на чекх а йоккхуш.