Кхиазхошна евзира кхерамазаллин бакъенаш

Аьхке берашна сада1аран а, самукъадаккхаран а мур бу. Амма цуьнца цхьаьна уьш лазорах а, 1аламан бохамех а лардан деза хан а ю х1ара. Цуьнца доьзна баккхийчарна т1ехь ду аьхкенан муьрехь берийн сада1ар вовшахтохарх а, царна кхерам ца хилийтарх а, хила тарлучу кхерамах уьш лардаран бакъенаш йовзийтарх а долу доккха жоьпалла. Цунах а кхеташ, х1окху деношкахь Нажи-Юьртан районан кхиазхойн социально-могашалла меттах1отторан туьшан дешархой экскурсехь хилира ц1е яйъаран-к1елхьарадахаран декъехь. Цигахь царна йовзийтира аьхкенан муьрехь кхерам ца хилийтаран бакъенаш. МЧС-н белхахоша берашна дийцира аьхка луьйчучу хенахь муха лардала деза, шаьш а, шайн гергарнаш а ц1арах ларбахьама х1ун дан деза.

Ц1е яйъаран-к1елхьарадахаран декъан хьаькаман заместитела Дакаев Адама къоначу хьешашна хаийтира ц1е яьлла я кхидолу чолхе хьал кхолладелча, сихачу г1оьнан службе 101 я 112 телефон тоха езаш хилар.

– Цкъацкъа к1елхьарадахаран службе «телефонан хулиганашкара» хаамаш кхочу, хилла х1умма а доццушехь тхоьга орца доьхуш.Т1аккха билггал цхьанхьа цхьа бохам хилла олий, цига дежурни г1арол доьду, – билгалдаьккхира А.Дакаевс. – Иза дика дац. Ишттачу хулиганаша беш болу харц хаамаш шайх административни жоп дала дезачарна юкъабог1уш бу.

Экскурси йолчу хенахь берашна йовзийтира 2014-г1а шо чекхдолуш  Нажи-Юьртарчу ц1е яйъаран декъе кхаьчна техника. Берашна таро елира шаьш бакъболу ц1еяйъархой болу сурт х1отто: церан духар дуста а, автомашен чу ховша а, яьлла ц1е яйъаран сурт х1отто.

Иштта самукъане чекхъелира кхиазхойн чулацаме экскурси.

С.ЛАЛАЕВ

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: