«Нохчийн меттан институтан ГЕЛАНЧА» — Ӏилманан а, практикин а арахецар ду.

Цуьнан рогӀера лоьмар арахецаран хьокъехь хаам бина Нохчийн меттан институтан векалша.
Дукхахлера статьяш оьрсийн маттахь йелахь а, шайна тӀе тидам боьдуш йу нохчийн маттахь кечйина материалаш (статьяш):
1) Нохчийн къоман безаман эшарийн поэтикин башхаллаш / В.Расумов;
2) Гадаев Мохьмад-Салахьан литературин кхоллараллин хандешнийн хьесап даран таллам / А.Абдулкадыров;
3) Нохчийн мотт, литература хьехарехь инновационни дешаран говзаллаш (технологеш) / Х.Пайтаева;
4) Нохчийн меттан, литературин 10-11-чуй классашна лерина программа / Ш.Абдурзаков.
Геланчин электронни кеп Нохчийн меттан институтан сайта тӀехь йу.