Цацах эвла, ток а йуьгуш, «денйеш» йу энергетикаша

Итон-Кхаьллан кӀоштара Цацах эвла «денйаран» декъехь къахьоьгуш бу «Чеченэнергон» говзанчаш.

Цара, 500 м йохаллехь бӀогӀамаш а дугӀуш, токан аса а тесна цига, трансформаторан подстанци а хӀоттийна.

Нохчийн халкъ махкахдаккхаран 1944-чу шарахь дуьйна тесна лаьттина йу и эвла.

Тахана цигахь гӀишлойн а, 1870-чу шарерчу маьждиган а саьлнаш бен йац.

ХӀинца, ток йигарца а догӀуш, цига хьалабаха а, хӀусамаш йан йоло а лерина бу 10 доьзал.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: