Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь кхочушйира «Хьалхарчу курсан студенташ болийтаран PROBОДНИК» экспресс-школа проект.

Школин гурашкахь хьалхарчу курсан масех бIе жимачу стага а, мехкарша а дакъалецира квесташкахь, задачаш йеш, тренингаш йеш, хIетал-металшна жоьпаш луш, вузехула экскурси йеш.
Доьшуш берш дIаэцаран хьокъехь омра арадаьллачул тIаьхьа кегийрхойн а, мехкарийн а аьтто хилира Телеграм-ботана тIекхача.
Цигахь хуьлу студентийн керлачун а, хаамийн а хьокъехь болу хаамаш.
Проект бахьанехь студентийн йиш хилира вовшашна бовза, дешаран процессан йуьххьехь вузан йукъараллин дахарна йукъабаха.
Цо таро лур йу царна мелла а сиха дешаран процессана йукъабаха.
Университетан буха тIехь дIахьош дац цу тайппана болийтар. Цундела PROВОДНИКА-н таронаш йу йерриге а факультеташкахула дIасайаржа, ойлайар алсамдаккха, абитуриенташна вуз аьхна хилар алсамдаккха.
Проектан куьйгалхочо Чажаева Асета иза кхидIа а кхиорна хIинцале грант йаьккхина Йерригроссин грантийн конкурсехь.
С.ПАШАЕВ
№70, кхаара, товбецан (сентябрь) беттан 14-гIа де, 2022 шо