Боккхачу доьзалехь хьалакхиъна Абдурашитова Кузани. Да Ширвани даима балхахь воллуш вара. Камаза тIехь шофер болх беш вара иза, генна рейсашка дIасалелаш. Нана Алипат а яцара мукъа Iаш. Балхахь хилча, чоь юьззина доьзал хилча кега-мерса гIуллакхаш алссам хуьлу зудчун цIен тIехь дан. Ткъа нохчийн зударий цкъа а ца хилла дечу гIуллакхах къехкаш. Алипата-м муххале а ца хиллера дечу гIуллакхана пе тухийла. Дукха хьалхе йисира иза тIехь да воцуш. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь сталинизман гIурано хIаллаквира цуьнан да. Делера доцург гIо-накъосталла доцуш нана ша цхьаъ яра Алипат хьалакхиош. Iаламат дукха къахьийгира цо Алипат нийсархойх ца хьегийта. Хетарехь, йоIана кехат пондар цундела ийцира нанас, Алипатана кхечу мехкарел ша эшна ца хетийта. 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнах махках бохуш, уггаре а хьалха тIекхетта йоIа схьаэцнарг пондар бара. Цунах доккха беркат делира. Хийлазза стеган самалха даьккхира къоначу пондарчас цу йоьхна еанчу заманахь. Безаш каралацарна цунна сиха. дика Iеминера иза. Гиначара дуьйцура, Алипат Ширванис ялийначу ловзаргахь гулбеллачеран дехаршца дукха хьолахь нускалан лекха дийзира пондар, бохуш. 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яьлча массеран санна самукъаделира, дукха хан йоццуш керла доьзал кхоьллинчу Ширванин, Алипатан. Делахь а, и бакъо яьллачу бIаьстенан юьххьехь новкъа бовла ца хIиттира уьш. Алипат дегIаца цхьалха яцара. 1957-чу шеран 30-чу ноябрехь дуьнен чу елира, тIаьхьо Нохчийчоьнан зарзар хилла дIахIутту йолу Кузани. Бакъду, йоьIан кхо бутт кхачарца сихо-м йира цара, шайн ворхIе да ваьхначу Нажи-Юьрта цIаберза. Бераллехь дуьйна яра Кузани зевне аз долуш. Эшарш лакха-м школе яхале йолаелира иза. Нанас локхуш хилча, пондар а сихха Iемира цунна. Дуьххьара цо караберзина мукъам «Гуо баьккхина лам бу ала» цIе йолчу эшаран мукъам бара. ТIаьхьо дешнаш а Iемира цунна. Дукха жимачохь дуьйна Айдамирова Мареман эшарш хазахеташ яра йоI. Уьш ерриге дагахь Iемира цунна. Школехь йолуш дуьйна исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалоцуш яра иза. КIоштан, республикин конкурсаш, хьовсарш, фестивалаш цхьа а юкъах ца юьтура Кузанис жигара дакъа ца лоцуш. Дукха хьолахь цо хьалхара меттигаш йохуш дIайоьрзура уьш. Нажи-Юьртахь юккъера школа чекхъяьккхина йолуш хилла яьлла эшаршлакхархо ю ала мегар дара цунах. Делахь а, корматаллин тIегIанехь и говзалла караерзо лууш йолу йоI 1981-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Культпросвет училище деша яхара. Клубно-хоровое отделени яра цо къастийнарг, юха а Нажи-Юьрта хьалаяха дезахь аьлла. Амма Дала ца кхоош похIма, нуьцкъала аз делла йоI, башхачу хьуьнаршца сихха билгалъелира хьехархошна. Училищехь доьшуш йолуш Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармоне балха кхайкхира цуьнга. Юсупов Iаьзиман дешнаш тIехь яьккхина «Го суна и сийна хьаннаш…» боху йиш яра Кузанис корматаллин сцени тIера дуьххьара дIалекхнарг. ХIинца-м цуьнан репертуарехь тайп-тайпанчу авторийн дешнаш тIехь яьхна эшарш алссам ю. Рашидов Шаид, Шайхиев Iалвади, Анзорова Балкан, Амаева Маша, Сулейманова Зайнап, иштта дуккха кхиболчу авторийн байташ мукъаме ерзийна хьуьнаречу эшаршлакхархочо. ДIалокхучу дукхахйолчу эшаршка мукъам ма боккху цо. Делахь а, Абдурашитова Кузани халкъан эшарш тIехь хьалакхиъна ю. Цунна хIинца а дукхаеза уьш. Хазахеташ цо дIалокху, самукъадолий ладогIархоша тIеоьцу. Баьхначу кхиамех тоам беш цкъа а яцара иза. Даима Iилманийн кIоргене кхийда лууш яра. Балхана юкъара ца йолуш, цо кхиамца чекхъяьккхира Тюмень гIаларчу университетан филологин факультет. Еккъа цхьана филармонехь болх бина Iаш яц иза. Нохчийн Республикин пачхьалкхан «Вайнах» ансамблаца Iаьрбийн мехкашкахула чекхъяьлла концерташ луш. ХIинца а хазахетарца дуьйцу цо цигарчу вайн вежарша, йижарша диначу совгIатех, церан комаьршаллех, доза доцчу гIиллакх-оьздангаллех. Нохчийн эстрадин гоьбевллачу артисташа 1999-чу шарахь Москва-гIалахь, «Россия» цIе йолчу йоккхачу концертни залехь концерт луш жигара дакъалоцуш яра похIме артистка. Иштта-м Абдурашитова Кузани 2002-чу шарахь вайн махкара арабаьллачу «ДоттагIаллин цIерпошта тIехь» яра. Вайн йоккхачу пачхьалкхана гуо тесира оцу цIерпошто, дIакхаьчначу социйлашкахь концерташ луш. Iаламат жигара дакъалецира Кузанис цу концерташкахь. Цигара цIайирзина дукха хан ялале елира цунна «Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка» аьлла сийлахь цIе. ХIинца-м, бакъдерг дийцича, Абдурашитова Кузани Нохчийн Республикин халкъан артистка ю. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь ю цуьнан корматалла. Халкъо, махко езаш тIелоцучу артистех цхьаъ ю иза. ХIинца еккъа цхьа эшарш лекхарх тоам беш-м яц иза. Эстрада дIа ца тосуш, таханлерчу дийнахь къоман театрехь болх беш ю вайн турпалхо. Миччанхьа болх бахь а, хаза аз, тайна амал ю Кузанин. Цкъа мацах бераллехь безаш схьалаьцначу кхоллараллин некъана тешаме йолуш чекхйолуш ю иза шен дахарехь. Цундела вайн дегнийн еза хьаша хилла лаьтта дуккха а шерашкахь.
ГАЗИЕВА Аза
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо