Онлайн-ахчанех пайдаэцар жигардаьлла вайн республикехь — 2022-чу шеран хьалхарчу эхашарахь 16 млн гергга операци йина махкахоша онлайн-ахчанашца.

И операцеш ахчанан бараме йаьхча 12,8 млрд ₽ нисло.
Иштта хаам бина НР-н Къоман банкан пресс-службо.
Цул сов, вайн махкахь 658 банкомат а, 3 эзар сов терминал а хиларна тӀе тидам а бахийтина.
Йукъараллин транспортаца доьзна гӀуллакх а ца дитина тидамза — электронни кепара ахча дӀадала Соьлжа-ГӀалахь дӀасалелачу 80 автобуса тӀехь аьтто бина.