Иштта яра кху деношкахь Аргунехь гIалин культурин урхаллин а, Дешаран департаментан а кхоллараллин коллективашна юкъахь дIаяьхьначу конкурсан цIе. Иза вовшахтоьхнера Аргун гIалин территориальни харжамийн комиссин дIадолорца Нохчийн Республикин харжамийн комиссис а, Аргун гIалин культурин урхалло дакъа а лоцуш. И конкурс лерина яра Ерригроссин кегийрхойн денна.
Конкурсехь къовсалуш бара Аргун гIалин культурин цIийнан а, Берийн искусствон школин а кегийрхой. Конкурсан дакъалацархошна тIедиллинчу коьртачу декхерех цхьаъ дара харжамех лаьцна сценка гайтар. Церан говзаллин мах хадочу комиссина юкъахь вара Нохчийн Республикин харжамийн комиссин председателан заместитель А.Магомадов, Аргун гIалин культурин урхаллин хьаькам З.Ибрагимова, Аргун гIалин территориальни харжаман комиссин председатель Р.Сабралиев, Кегийрхойн юкъараллин-патриотически «Ахмат» боламан меттигерчу филиалан куьйгалхо Ш.Мадаров.
Хьовсархойн самукъадоккхуш яра кегийрхоша гайтина сценкаш а, йина забарш а.
Конкурс ерзош хьалха билгалъяьккхира хьалхара меттиг яьккхина команда. Толамхошна совгIаташ дира дипломашца а, дагалецаман совгIаташца а.
З.САГАЕВА
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо