«Чеченцемент» завод тойар» инвестицийн проектана лерина кхеташо дӀайаьхьна Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима.
Шен къамелехь цо хаийтина цемант йаккхаран заводех Россин Къилбехь а иза уггаре маьӀне хилар.
«Кавказ.РФ» йукъараллин гӀоьнца а, инфраструктурин бюджетан кредитах пайдаэцарца а кхочушйеш проект йу иза.
Карарчу хенахь цунна проектан а, сметин а кехаташ кечдарна тӀехь къахьоьгуш бу говзанчаш.
Завод кхитӀе а тойаро шарахь 1,5 млн тонна цемант йаккха аьтто бийр бу.