Къилберчу халкъийн культурин а, спортан а фестивалан жамӀаш

ХӀокху деношкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьначу Россин Къилберчу халкъийн культурин а, спортан а XII-чу фестивалан жамӀаш довзийтина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь:
1-ра меттиг: Нохчийн Республика;
2-гӀа меттиг: Дагестан;
3-гӀа меттиг: Краснодаран мохк.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцина и фестиваль вовшахтохар а, дӀайахьар а дакъалацархошна а, хьешашна а чӀогӀа тайна хилар.

Иштта, Россин 14 субъектан векалш хилла ца Ӏаш, цуьнан гурашкахь дакъалоцуш Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикийн а, Абхазин а векалш хилла хилар а билгалдаьккхина цо.

Спортан а, культурин а тайп-тайпанчу къийсадаларшца хилла и фестиваль даздаран хиламан тӀегӀанехь дӀайаьхьира вайн махкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: