Республикин пачхьенехь дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀалин мэран Кадыров Хас-Мохьмадан а, Пятигорскан (Ставрополан мохк) куьйгалхочун Ворошилов Дмитрийн а цхьаьнакхетар.

Социальни а, экономикин а дакъошкахь шина гӀалина йукъара зӀенаш кхиоран а, уьш керлачу тӀегӀане йахаран а гӀуллакх дара цигахь дийцаре динарг.
Цул сов, гӀалин инфраструктура кхиорца долу зеделларг вовшийн довзийтар маьӀне хилар а билгалдаьккхира цигахь.
И белхаш кхочушбаро цхьамогӀа йукъара проекташ кхочушйан аьтто бийр бу шина гӀалина.