Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалацар лаамехь а долуш, «Юг-Ахмат» батальонан бӀаьхойн 2-гӀа дакъа а дӀадахана цига.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан куьйгаллехь буьйранча Иблаев Муса хилар.
Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь кечбина а болуш, шайн лаамехь цига боьлхучеран рогӀера тоба а йаьккхина новкъа.
Уьш берриш а новкъабахарехь дакъалаьцна НР-н Парламентан спикера Даудов Мохьмада а, НР-н Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, НР-н Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама а.
Дагадоуьйту уьш дӀахьовсор Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортехула нислуш хилар.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тӀе тидам ма-бахийттара, кеманашна йуххехь хелхарш а деш дӀабоьлху вайн бӀаьхой, шайн Ӏалашонехь Донбасс нацистех дӀацӀанйар а долуш.