Курчалойн кӀоштахь а хир йу маьлхан электростанци: иза йан йолийна Иласхан-Йуьртахь.

Белхаш дӀаболорехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, проектан инвестора, «Юнигрин Энерджи» компанин коьртачу директора Шахрай Игора а.
25 МВт ницкъ а болуш хир йу Курчалойн маьлхан электростанци.
Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, денна а кхуьуш йогӀучу кӀоштана шех боккха Ӏаткъам хир болуш йу иза.
Дагадоуьйту республикехь болх беш Невран а, йеш ТӀехьа-Мартан а маьлхан электростанцеш хилар, хӀинца йан йолийнарг 3-гӀа а нислуш.