Хууш ма-хиллара, карарчу беттан 8-чохь Нохчийн Республикин Парламенто тӀеэцначу «Нохчийн Республикин Халкъан гуламан хьокъехьчу» законна 22-чохь куьг йаздина мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оцу законехь билгалдаьккхина НР-н Халкъан гулам, гуттар болх беш а йолуш, халкъан векалаллин орган хилар.
Цул сов, билггал йолу цуьнан кеп а йовзийтина: Нохчийн Республикин дукхакъаьмнийн халкъан векалийн гулам.
Нохчийн махкарчу йукъараллин цхьаьнакхетараллийн а, йартийн а, кӀотарийн а, шахьарийн а делегатех лаьтташ хир бу цуьнан дакъалацархой.
Халкъан гуламан кхиэлехь хир ду НР-н дукхакъаьмнийн халкъаца доьзна социальни а, экономикин а, политикин а, культурин а гӀуллакхаш.
Цул сов, къоман а, историн а башхаллашца доьзна гӀуллакхаш а толлур ду цо.
Халкъан гуламан рогӀера цхьаьнакхетарш оьшуш хиларе терра дӀахьо (5 шарахь 1 — лаххара барам).
Иштта, рогӀехь доцу цуьнан цхьаьнакхетарш 3 бахьанца дӀадахьа а тарло: 1) НР-н Куьйгалхочун дӀадолорца; 2) НР-н Парламентан дӀадолорца; 3) НР-н Йукъараллин палатин дӀадолорца.