Экстремизмах долучу зуламах кхетабо дешархой

ХӀокху деношкахь Шуьйтарчу йуккъерчу школехь дIайаьхьира Нохчийн Республикехь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латторан гурашкара рогӀера мероприяти.

Иза дӀайахьаран Ӏалашо йу тӀекхуьучу чкъуран тайп-тайпанчу экстремистийн а, террористийн а гучудийларшка цабезам кхоллар а, вайн ламасталлин динан мехаллашца ийманехь кхетош-кхиоран болх чӀагӀбар а.

Кхузахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Шуьйтан кӀоштан прокуратурин а, администрацин а, бусалба динан а векалша.

Школин 11-чу классан дешархошца цу хьокъехь чулацаме лекци дӀайаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон говзанчас Мусаев Дишнис.

Цул сов, цхьаьнакхетарехь гулбеллачара тӀечӀагӀдира бакъонаш талхорна а, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латторехь кегийрхошца беш болу профилактикин болх, денна чIагIбеш, жигарбаккха безаш хилар.

И мехала а, пайдехь а цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг йара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство.

Цо и болх дIахьош бу Нохчийн Республикехь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латточу ведомствийн йукъарчу белхан тобано тIеэцначу сацамца.

Цу кеппара, школашкахь дIахьочу цхьаьнакхетарша гIо дийр ду вайн тIекхуьуш долу чкъор ишттачу боьхачу а, зуламечу а гучудийларех лардан.

А.АДАЕВ
№74, кхаара, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2022 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: