Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Шаптукаев Рустам Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхийтира Хонкарарчу «Antiker transport logistic company» транспортан-логистикин компанин векалшца.

Туркойн бизнес-йукъараллин а, ассоциацийн а Нохчийн Республикерчу совдегаршца а, хьаштахошца а зӀенаш дӀатасаран Ӏалашонца баьхкинера махка и хьеший.
Нохчийн рынкехь хьашто йолу сурсаташ арахоьцучу Хонкарарчу предприятийн а, компанийн а реестр герггарчу хенахь шаьш йовзуьйтург хилар хаийтира «Antiker transport logistic company» компанин векалша.
Хонкарарчу а, Нохчийчуьрчу а бизнес-йукъараллаша вовшашца зӀенаш тасарехь а, йукъаметтигаш латторехь а оьшуш долу гӀо-накъосталла ша куьйгалла дечу министерствера хирг хилар тӀечӀагӀдира Шаптукаев Рустама оцу цхьаьнакхетарехь.
Инвестицийн проекташ кхочушйан а, арахьара экономикин зӀенаш латто а вайн махкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхоьллинчу хьолах лаьцна а дийцира министра, иштта, Нохчийн Республике сурсаташ схьакхачоран гӀуллакхах а кхетийра. Соьлжа-ГIалахь кхоьллинчу шатайпанчу экономикин «промышленностан хьелашна гӀирсаш кечбаран «Грозный» майданах» а, цигахь резиденташна а, махкахь совдегаршна а бинчу аьттонех лаьцна а дийцира хьешашна нохчийн говзанчаша.
№74, кхаара, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2022 шо