Товбецан (сентябрь) беттан 21-чу дийнахь Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин белхахоша «Ахмат Арена» стадионехь дӀадаьхьира цӀейайъаран-тактикин Ӏамораш.

Цигахь цара карадерзийра футболан матч дӀайоьдуш штатехь доцу хьал нисделча дан дезарш.
Дийцарехь, хьовсархойн трибунехь фальшфайерш бахьана долуш цӀе йолу, боккха кӀур болуш.
«Стадионехь масех эзар хьажархо вара. Спортан мероприятешкахь кхерамзалла латтош болчу стюардаша а, экстренни службаша а сихонца дӀадолийра хьовсархой бохарх а, тӀеттӀатаӀарх а ларбеш, кӀелхьарбахаран гӀуллакх», – бохура Россин МЧС-н Нохчийчохь йолчу Коьртачу урхаллин хьаькама Цакаев Ӏалихана.
Сихонца стадионе кхечира лерринчу ведомствон кхитIе оьшуш болу ницкъаш а, гIирсаш а.
«ЦӀе а, кӀур а бахьана долуш, аравала йиш йоцуш висинера йалх стаг. Газах а, кӀурах а, лардеш йолчу службин белхахоша трибуни тӀера охьа а баьхна, сихачу гӀоьнан медицинин белхахошка дӀабелира уьш», – билгалдаьккхира I.Цакаевс.
ЦӀе йайъа а, цӀарах лулара трибунаш ларйан а сихонца дӀакховдийра хи а, чопа а тохаран гӀирсаш. Дукха хан йалале хила тарлуш йолу цӀе дӀайайъира.
«Оцу Ӏамораша аьтто бира ведомствийн цхьаьнагӀуллакх даран а, белхахойн корматаллин хаарийн а тIегӀа лакхадаккха», – дерзийра Цакаев Ӏалихана.
Ӏаморашкахь дакъалоцуш вара 75 стаг а, 17 техника а.
Дакъалаьцначу службаша кхачам боллуш дика кхочушдира шайна тӀедехкина декхарш.
№74, кхаара, товбецан (сентябрь) беттан 28-гIа де, 2022 шо