Луганскан Халкъан Республикин куьйгалхочун Пасечник Леонидан Указца а догӀуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Айманина а, вице-президентана Кадырова Меднина а ЛХР-н пачхьалкхан совгӀаташ делла.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана довзийтина дуьйцуш долу совгӀат а — «ДоттагӀаллин орден».
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, А-Хь.Кадыровн фондо Донбассехь дӀахьочу гӀоьналлин белхан лаккхара мах хадоран тоьшалла ду иза.
«ЛХР-н пачхьалкхан совгӀаташ даларца ас даггара декъалйо Несин Аймани а, Мусин Медни а«, — йаздина Кадыров Рамзана.