Керла фельдшерийн туш йина йолуш йу Шуьйтан кӀоштарчу Орцан-Йуххе (Пионерски) эвлахь.
Ша гӀишло йаран белхаш дӀабирзина, хӀинца гуонахара майда битаме йалорехь къахьоьгуш бу белхалой.
Иза йан йолийна масех бутт бен бацахь а, шен болх цо тӀебогӀучу баттахь дуьйна дӀаболош хилар хаийтина «Единая Россия» партин Шуьйтан декъан кхочушдаран секретара Тагиров Ӏалихана.
Иштта, и болх медицинин хьалхара дакъа кхиоран декъерчу программин гурашкахь дӀахьош хилар а тӀетоьхна цо.