НР-н Куьйгалхочун векалшка 1 642 кост дина баханчу баттахь

Россин тайп-тайпанчу регионашкахь бехачу нехан 1 642 кост-дехар теллина регионашкахь а, федеральни округашкахь а йолчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун 57 векалаллийн белхахоша.

Россин Федерацин карта

Царах 1 107 кост-дехар кхиамца кхочушдина, 493 кост-дехаран хьокъехь кхетор дина, 31 кост-дехарна тӀехь беш болх бу.

Иштта, кхин 11 дехар-кост шайн балхаца а, Ӏалашонашца а догӀуш цахилар а хаийтина векалаллашкахь.

И болх баханчу товбецан баттахь бина бу цара.
Белхан меттигаш нисйарца а, могашалла lалашйарца а, хӀусамашца доьзна кхачамбацарш дӀадахарца а доьзна хуьлу вайн республикин Куьйгалхочун векалшка кхочу дехарш.

Билгалдаккха догӀу НР-н Куьйгалхочун векалша Россин субъекташца а, федеральни округашца а Нохчийчоьнан культурин, Ӏилманан-техникин, махлелоран-экономикин зӀенаш дӀатасаран а, кхиоран а декъехь къахьоьгуш хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: