
Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан кадечу Ӏалашонийн 96-чу полкан бӀаьхой а бахана Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца.
Оцу хьокъехь хаам бинарг, ламасте дирзина ма-хиллара, Кадыров Рамзан ву.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, полкан бӀаьхой доккха зеделларг долуш бу, лерринчу операцешкахь дукхазза дакъалаьцна а болуш.
«БӀаьхойн чӀагӀонна шаьш тӀера хилар цара хӀоразза а гойтуш ду. Иштта, шайн догӀмаш а ца кхоош, муьлхха а декхарш кхочушдарца а билгалбевлла уьш. Ала дашна, Донбасс паргӀатйаккхарехь дакъалоцуш а бара царах дукхахберш«, — йаздина цо.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд а ца Ӏийна гӀо-накъосталла ца деш: полкана оьшуш йолу техника а, бӀаьхошна барзакъаш а эцна.