
UTair-н Boeing 737-800 кеманаш йуха а лела дуьйладелла «Москва (Внуково) — Соьлжа-ГӀала — Дубай — Москва (Внуково)» авиамаршрутехула.
А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортан векалша билгалдаьккхина и рейсаш, хьалхарчу муьрехь, кӀиранах 1 хирг хилар (кӀирандийнахь), тӀаьхьуо кхин 2 рейс тӀекхетар а йолуш.
Билеташ UTair-н сайта тӀехь а, йуьйцучу гӀаланийн аэропорташкахь а эца йиш йу.