
Кадыров Ахьмад а, Ӏела а, Адам а гӀур ву Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин зилашка.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«ТӀеман леррина операци дӀайахьаран майданашкахь хаарш гайта кийча ву Ахьмад а, Ӏела а, Адам а. Баккъалчу тӀеман тасадаларехь шаьш гайта хан тӀе а кхаьчна, церан и лаам ас къобала а бо«, — йаздина Кадыров Рамзана.
Иштта, шен чуьрчу кӀентийн хенаш а йовзийтина цо: 16 шо Ахьмадан а, 15 шо Ӏелин а, 14 шо Адаман а.
Цул сов, тӀеман лерринчу операцехь шен гергарчара дакъа ца лоцу бохуш, къамелаш динчаьрга кхайкхам а бина республикин Куьйгалхочо.
«Герггарчу хена чохь, хьалхарчу зилашкахь хир болчу кхарна тӀе а даьхкина, «АХЬМАД — НИЦКЪ» алар бух болуш хиларна теш хила аьтто хир бу шун«, — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.
Билгалдоккху и кӀентий Россин спецназан университетехь Ӏамош хилар: герз лелор а, иза тохар а, теорин баххаш а хьоьхуш.
«Машар безий — тӀамна кийча хила«, — олуш, шен кост дерзийна Кадыров Рамзана.