Къона Iелам стаг

IMG-20150625-WA0008

Дозалла ду  вайн  республикехь дIаваьл-ваьллачохь къона чкъор кхетош-кхиош Iеламнах хилар. Цхьа юрт а, гIала а яц  кхетош-кхиоран декъехь болх ца беш. Вайн махкахь баккхийнаш хилла а ца Iаш, къона Iеламнах а бу, шайн  нийсархошна  АллахI  Дала гайтина нийса некъ хьоьхуш. Ишттачарах цхьаъ ву Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIара вахархо Юсупов Аюб. Соьлжа-ГIаларчу энергетикин техникумехь цо студенташца кхетош-кхиоран  болх бен 2 шо хан ю. Иза оцу техникуман директоран кхетош-кхиорехула заместитель ву.

Аюбан 24 шо ду. Жима волуш дуьйна Iаьрбийн мотт Iамош, безаш  вара иза. ХIетахь ГIойтIахь цхьаъ бен яцара хьуьжар. ХIинца санна ца хуург хатта шиъ бен хьехархо а вацара. Аюб, шена ца хуург хоьттуш, Iилма кIорггера довза лаам болуш вара. Энергетикин техникуман белхахоша дийцира, Аюб дуьххьара балха хIоьттинчу дийнахь дуьйна, шен оьздачу духарца, леларца билгалваьлла  хиларх лаьцна.

Оцу техникумехь 1250 студент, 10 хьехархо ву. Уьш шина рожехь доьшуш бу – Iуьйранна а, суьйранна а. Атта дац оццул долчу берашца болх бан. Делахь а, Аюба,  цара доьшуш долу аяташ, сураташ шена хезча, дерриге а дицлой, дукха хазахетарца Далла хастам бо. Вайна хууш ду, бусалба дин сийсаздеш, иштта хила деза,  вуьшта хила деза бохуш, шайна хетарехь, цхьа а бух боцу хьехамаш а беш, кегийрхой  галбохуш  цхьаболу нах хиларх. Аюба билгалдоккху бусалба динах лаьцна к1орггера хаа лууш, цу тайпа хаттарш кегийрхоша шайга кест-кеста деш хилар. Оцу наха дуьйцург вайн динца цхьана  а агIор догIуш цахиларан а, уьш зуламхой хиларан а шеко яц. ТIаьхьарчу хенахь новкъахь воьдуш-вогIуш а тидам бо,  бераш де дика, суьйре дика ярца гIиллакхе хилар. Карахь Къуръанаш долуш,  ирсе  яххьаш а йолуш,  хьуьжаршка лелаш Iилманехь кхуьуш  бу уьш. Дала вайх бина къинхетам бу иза. Дала ийманехь совдохийла вай.

Л.ЮСУПОВА

Авторан сурт

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: