
Ша Даймохк ган сатесна хилар хоуьйтуш, «Даймохк» газете кехат йаздеш а, зӀене волуш а, нохчийн маттана леринчу флешмобашкахь дакъалоцуш а, шен байташ йоьшуш а хуьлуш вара, цкъа хьалха Шемахь Ӏийна а, йуха, цигахь тӀом баьлча, шен доьзалца цхьаьна Хонкара дӀакхалха дезна а волу мухӀажар Жабраилан Жамалдин Адам (Мажед).
Цо шен йозанашна йуххе дуьллий сурт а хуьлура, корах арахьоьжуш, ша бӀаьрсица оцу мехкан анайистан лаьцча, цу геннара охьахьаьжча Нохчийчоь гур йолуш санна, сатийсаме, хьогаме.
Шайн дай Майртуьпара схьабевллийла хаьара цунна, шаьш йалхойн тайпанах дуйла а хаьара. Амма шайн цӀийнан нахаца цхьа а зӀе цахиларна, шайн нах ца бевзара.
Интернетан таронашца Нохчийчуьрчу нохчашца зӀене вуьйлуш, шен нах схьабевллачу йуьртарчу нахана тӀекхаччалц болчу нахаца гергарлонаш чӀагӀдира цуо.
Даймахке сатийсар чӀогӀа хиларна иза гӀенахь гуора цунна. Нийат цӀена а, даггара а хиларна, Дала хӀокху аьхка Нохчийчу кхачийра иза. Нохчийчохь бутт гергга хан йаьккхина дӀавахча, редакце кехат даийтина Адама.
«Нохчийчу ван новкъа ваьлла, Истамбулан аэропортехь вара со. Бакъал а гур йу техьа суна Нохчийчоь? Дай баьхначу махка тахана баккъала кхочур ву техьа со ?», – бохуш, эккха долуш санна карзахадаьллера дог», – шен хилла дог-ойла йовзийтира цуо.
Кема Соьлжа-ГӀала охьадоьссича, дуккха а нохчий гича, «Ирс йаӀ шун, шайн цӀахь-х дай шу», – аьлла хетта хиллера цунна.
«Хьажахьа, кхузахь хиллакх со… ЦӀаваза дукха хан йаьлла. Кхузахь кхиъна, амма генарчу махкахь дикка хан йаьккхина, йуха цӀавеана со, аьлла хийтира суна. Некъаца схьагуш долу хӀора адам сайн гергара хетара суна. Шемахь Ӏийна бутт хан йай. Шемахь тӀом баьлча, Хонкара схьадаьхкина. Хонкарахь 8 шо доккхуш а сапаргӀат дацара, цӀахь, Нохчийчохь цхьа бутт ма-хиллара. Шатайпа хаза ду цӀахь. Бакъду, лаьмнаш а, шовданаш а кхечу мехкашкахь а ду, амма Даймахкахь санна дагна шен хеташ, хьоме дац-кх уьш. Ахь хийрачу махкахь хьоьшу латта а, хьуна го ниӀматаш а нехан хилар диц ца ло. Шемахь вехачу хенахь Ӏаьрбаша хоттура, «шу мичара ду, муьлш ду? Ӏаьрбийн муьлхачу тайпанах ду? – олий. Оха олура: «Тхо Ӏаьрбий дац, нохчий ду». Цара тӀаккха: «ХӀа-а, шу хийрачу, генарчу махкара тӀедаьхкина ду», – олура. ТӀаккха, Хонкарахь: «Турко вац хьо? Вац? Мичара ду шу? Кхуза муха кхаьчна?», – аьлча, тхуна тхаьш сов, хийра хоьтуьйтуш хуьлура церан гӀиллакхаш. Сан дахарехь дуьххьарлера паргӀат меттиг, сан дахарехь уггаре а хаза хан Нохчийчохь баьккхина цхьа бутт бу», – дуьйцу Адама.

Нохчийчохь шен дехойн а, ненахойн а агӀор гергара нах карийна, шайн дай баьхначу Майртуьпахь, гергарчу нахехь сецна вара иза.
Уггаре а хьалха шен дай дӀабоьхкинчу кешнашка вахара иза. Чарташна тӀера шира йозанаш, терахьаш доьшуш, сибаташ муха долуш хилла хир бу техьа уьш, церан баларш муха нисделла хир ду техьа бохуш, йехха ойланаш йеш Ӏийна, царна доӀанаш дича, шега дукха хенахь дуьйна кхочуш де аьлла весет кхочушдина ваьлча санна синтеме хилира иза.
Соьлжа-ГӀалахь а, Шелахь а долчу даккхийчу маьждигашка а, лаьмнашкахь йолчу кӀошташка а вигира иза хьошалла деш хьалхабевллачара. Цунна даггара хьошалла дира шайн йалхойн тайпанах болчу наха а, йуьртахоша а.
Де сахьт санна сиха дIадолура цӀахь. ДӀаваха веза хан тӀекхочуш а новкъа дара. Хьажахьа, цӀахь баьккхинарг бутт бен боцушшехь, иштта хала ду суна къаста, тхан дайшна ма базбелла хир бара, Даймохк, хьоьца къастаран бала. Мича боьлху ца хууш, хӀун гур ду ца хууш, говран ворданашкахь махках бевллачу цара, цкъа хьалха некъаца а, йуха оцу Ӏаьрбийн мехкашкахь а лайна баланаш, махке сатуьйсуш, «ДегӀастана» аьлла, дош хезча, узамашца назманаш бохуш, тхан дай Ӏийна хилар даглаьцна, легашка хорам хӀоьттира…
Аэропорте дӀавоьдуш, сайн бӀаьрг кхеттачун цӀарах, «Хьо кхузахь Ӏаш ву. Даима а Ӏан йиш йолуш а ву. Ткъа со дӀаваха везаш ву», – бохуш, шух хӀораннах а хьоьгуш вахара со.
Шуна ца хаьа шаьш мел ирсе ду… Кхин хӀумма а ца хилча, урам буьззина Ӏаш болу хьан лулахой нохчий бу. ГӀиллакхаш, ду, нохчийн мотт, къоман кхача, мохк – дерриге а хаза ду вайн.
АльхьамдулиллахӀи роббил Ӏаламийн! Дийцина вер а воцуш бу сан дагалецамаш. Дала рицкъ йаздинччохь ду вайн Ӏер-дахар. Хонкара схьакхаьчча, мерза гӀан хаьдча санна хета хӀинца. Ма аьхна дара цӀахь, Нохчийчохь. Дала Ӏалашдойла шу, тхан хьоме бусалба вежарий, йижарий!
Жабраилан Жамалдин Адам (Мажед)
№75, шот, эсаран (октябрь) беттан 1-ра де, 2022 шо