Кадыров Рамзан — Донецкан Халкъан Республикин Турпалхо

Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан Донецкан Халкъан Республикин Турпалхо а ву.

Оцу хьокъехьчу Указна ша куьг йаздар билгал а доккхуш и хаам бовзийтина ДХР-н куьйгалхочо Пушилин Дениса.

Цо дийцарехь, Донецкан Халкъан Республикина а, Нохчийн Республикина а йукъахь вежараллин зӀенаш тасайелла.

«Донбассерчу вайна доккха гӀо-накъосталла дарца а, кхузарчу хьолехь даггара дакъалацарца а доьзначу баркаллица белла Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчу Кадыров Рамзанна Донецкан Халкъан Республикин Турпалхочун Седа», — йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Дагадоуьйту хьалхуо иштта мидал [республикин коьрта совгӀат] Кадыров Рамзанна Луганскан Халкъан Республикин куьйгалхочо Пасечник Леонида а йелла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: