
Россин Президентан Путин Владимиран цӀарахлера Дзюдон Олимпийн туш хӀокху беттан 7-чохь схьайоьллур йу.
Карарчу хенахь бечу тӀаьххьарчу кечамашка а хьожуш, цигахь хилла Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Ша и туш йарал сов, цуьнан уьйтӀе а, кетӀе а битаме йалийна, гуонахарчу некъашкара силаман чкъор а цӀиндина.
Туш йоккхачу залах а, говзанчашна леринчу залах а, фитнес-залех а, бассейнах а, кафетерийх а, фито-барах а, туьканах а, хьешацӀийнах а лаьтташ йу.
Билгалдоккху карарчу беттан 7-чу дийнахь даккхий даздарш хирг хилар:
— В.Путинан цӀарах йолу Дзюдон Олимпийн туш схьайеллар;
— Дзюдохула чемпионат дӀайахьар;
— Машенаш а, говраш а хахкар;
— Вилспеташ а, маццикалш а хахкар;
— Даздарийн концерт дӀайахьар;
— Дронийн шоу гайтар.