Алиев Вахин цӀарахчу ураман 3 км дакъа тодина

Алиев Вахин цӀарахчу ураман 3 км дакъа тодина Соьлжа-ГӀалахь.

Белхаш дӀаберзарна а, некъан тодина дакъа схьаделларна а леринчу даздаршкахь НР-н вице-премьер — Автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар а, Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад а хилира.

Цара билгалдаьккхира и дакъа тодар Висаитовн кӀоштан а, дийнна Соьлжа-ГӀалин а бахархошна а, хьешашна а доккха совгӀат хилар.

6 аса а йолуш, 3 км некъ тобина ца Ӏаш, серлонан 115 бӀогӀам а боьгӀна, 4 светофор а хӀоттийна, иштта, йукъараллин транспортан 10 социйла а йина цигахь.

Цул сов, некъан ший а агӀо гӀашлошна леринчу некъашца битаме а йалийна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: