
Соьлжа-ГӀалин 204 шо кхачарца Нохчийчоьнан бахархой декъалбина Кадыров Рамзана.
«ХIора а шарахь, эсаран 5-чохь, Соьлжа-ГIала дӀахӀутту йерриге а республикера, РФ-н тайп-тайпанчу регионашкара, дуьненан массо а маьIIера иттаннаш эзарнаш хьеший вовшахкхеташ йолу меттиг а хуьлий.
Вайн сийлахьчу пачхьено уьш тIеоьцу, баххьаш стигала кховдийна а йолуш, къеггина дIахIиттинчу лекхачу гIишлошца, цIеначу, бегIийлачу урамашца, майданашца, архитектурин исбаьхьачу куьцашца, гIалахойн ирсечу, догцIеначу йаххьашца.
Со доггаха воккхавево шен рогIера шо а Соьлжа-ГӀалано Россин гIаланашна йукъахь уггаре а сиха кхуьучарах, уггаре а аьхна йолчарах цхьаъ йолуш тIеоьцуш хиларх!
Иза иштта гаре сатуьйсуш вара вайн хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа«, — йаздина республикин Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь.
Цул сов, Соьлжа-ГӀала хазйарехь, къагорехь кхидӀа а къахьоьгург хилар а хаийтина цо.
«Хьайн денца, Соьлжа-ГӀала! Тхуна дукха йеза хьо!«, — олуш, дерзийна Кадыров Рамзана шен декъалдар.