Регионехь синтеме хьал хилар полицин белхан тоьлашха болу гайтам лору Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра полицин инарла-лейтенанта Алханов Руслан Шахаевича. Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун Денна тIекхочуш цо жоьпаш делира тхан хаттаршна.
– Руслан Шахаевич, тахана агентствийн хаамийн ленташ тIехь хаддаза дуьйцу Нохчийн Республиках лаьцна, бакъду, 2000-чу шерийн юьххьехь яздеш хиллачух къаьсташ, хIора дийнахь хIаллакбеш болчу бандитех а доцуш, ткъа регион кхиамца кхуьуш хиларх…
– Ишттачу хьоло хаза ца хетийта ца тарло. Тахана наггахь бен ца хеза вайн республикехь вийначу бандитах, я дIаяьхьначу лерринчу операцех лаьцна, ткъа оцу хенахь уьш цхьана хеннахь масех районехь дIахьош дуккха а меттигаш нислора. ХIокху бIешеран юьххьехь, ма-дарра аьлча, цхьа а де чекх ца долура керлачу хаамашкахь дIаяьхьначу лерринчу операцех, полицин белхахошна, машаречу адамашна тIе герз тохарх лаьцна хаамаш боцуш. Вайн дукха кIентий кхелхира, заьIап бисира хIетахь. Кхелхира цхьа эзар сов чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахо – вайн тоьлла кIентий – бакъболу къонахий, дика бIаьхой, шайн хенан турпалхой. Цара шайн дахарш дIаделира вайн республика зазадоккхуш хилийтаран, нохчийн халкъ шен лаьтта тIехь машаре дахийтаран дуьхьа. Церан бIаьхаллин хьуьнарш цкъа а дицлур дац, уьш гуттаренна а буьсур бу вайн дегнашкахь.
Тахана церан цIерш лелош ю школаш, спортан учрежденеш, урамаш, паркаш, ткъа Соьлжа-ГIали юккъехь дIахIоттийна терроризмаца къийсам латторехь эгнарш массо а дагалацаран йоккха Мемориал. Яккхийчу экъанаш тIехь дашочу элпашца дIаязйина вайн республикерчу тоьллачу кIентийн цIерш. Вайна юкъахь хиллачу накъостех цхьайттанна Россин Турпалхочун сийлахь цIе тиллина – бархIанна кхелхинчул тIаьхьа. Кхо бIе сов белхахочунна совгIаташ дина Къонахаллин орденца. Нохчийн Республикехь машар хилийтаран дуьхьа шайн дахарш дIаделлачу оцу турпалхойн цIерш даима а дагахь латто декхар ду вай. Оцу кIентех лаьцна болу сирла дагалецам гуттаренна а буьсур бу вайн дегнашкахь.
Вай иштта дагахь латтор ду вайн министерство кхолларна бух биллинарг шен халкъан дахар машаре, ирсе хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделла волу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилла хилар. Тахана шен ден некъ дIакхоьхьу цуьнан хьуьнаречу кIанта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Шен хаддазчу тергамехь латтадо цо чоьхьарчу гIуллакхийн органийн балхахь долу хьал. Массо а агIор доккха гIо до белхахошна а, кхелхинчу накъостийн доьзалшна а.
– Ахь хьахийра терроризмаца къийсам латторан гIуллакх. Муха дIахьо и гIуллакх нохчийн полицейскеша?
– Иттех шо сов хан ю Нохчийн Республикин МВД-н белхахой юкъараллин къепе хьакъ доллучу тIегIан тIехь хилийтарна, гражданийн кхерамзаллина гIароллехь лаьтта, терроризмаца, бандитийн тобанашца турпалаллица, шаьш-шайн ца кхоош къийсам латтош болу. Амма муьлхха а гIуллакх къастийна цхьалхадаккхарехь коьрта маьIна лелош дерш адамаш ду. Тешам боллуш ала йиш ю сан: республикин бахархоша жигара гIо до тхуна террористашца а, экстремисташца а латточу къийсамехь. Алсамбаьлла вайн чоьхьарчу гIуллакхийн органашка болу адамийн тешам. Уьш кхетта дIадаханчу бIешеран 90-чу шерашкахь дуьйна ницкъ баран а, харцонан а некъаца, шайн зуламечу гIуллакхашкахь динах байракх а йина, халкъ Iехийнарш, иза харц новкъа хIотто гIиртинарш муьлш бу. Иза лору ас тхайна сел доккха гIо хиларан коьрта бахьана. Кхин цхьаъ чIагIдан бакъо ю сан – нагахь бахархоша оцу кепара гIолоцуш ца хиллехь, тахана республикехь, бакъонаш ларъяран органашкахь долчу хьолана генахь хир дара вай, хир бацара таханлерчу барамашкахь болу кхиамаш. Адамашна кIордийна шайца лелош йолу харцонаш, даима а цхьа кхерам тIехIоттарна кхоьруш даха. Цундела тийшира уьш итт шо хьалха Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех, цо хаьржинчу машаран а, зазадаккхаран а некъах. Цундела гIаьттира вайн республика овкъаршна юккъера, денъяла йолаелира Iаламат къиза ши тIом лайначул тIаьхьа. Халкъ харцонна дуьхьал гIаттаран, машаран, зазадаккхаран некъан цо гIолацаран тIаьхье ю тахана вайна гуш ерг. Iаламат доккха ду цу тIехь республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна кхочуш долу дакъа а. ДуьххьалдIа цуьнан башха хьуьнар бахьанехь кхаьчна вайн мохк тIаьххьарчу шерашкахь сел баккхийчу кхиамашка.
– Нохчийн Республикин МВД-н белхахоша хьакъ доллу гIуллакхаш деш делахь а, наг-наггахь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь хаамаш хуьлу Нохчийчоьнан оцу, я вукху районехь тIемалой гучубевлла а, уьш хIаллакбина а хиларан хьокъехь. Церан дукхаллин барамах лаьцна цхьа а тайпа хаамаш буй МВД-хь, бандитийн тобанаш хIаллакьяран болх маца чекхбер бу, аьлла хета хьуна?
– Къера хила веза, республикехь долу хьал талхо гIертар сацош дац оцу тобанаша. ХIуъу дина а шаьш юйла хаийта гIерташ къахьоьгу цара. Зуламхоша хьесапе ца оьцу шаьш лелочун тIаьхье муха хир ю, мила хIаллакьхир ву бохург. Царна коьртаниг ду шаьш динарг юкъараллехь дийцар, даржар. Цунна къеггина тоьшалла ду регионан Соьлжан районан полицин гIишлонна хьалха машен эккхийтар.
Амма хаъал лахделла церан могIарш, бац цаьргахь хьалхалера ницкъ. Бухайисинчеран могIарш тIедуза йолу таронаш а дIаяьхна тахана. ХIинца церан ницкъ ца кхочу вайн республикера хьал хийцарна тIехьажийна ямартлонаш ян, оперативни хьал хийцарна тIехьажийна-м муххале а. Iаламан муьлххачу хьелашкахь ур-аттал лаьмнашкарчу районашкахь а тIехь цхьана а денна сацош бац зуламхойн тобанех бухайисинарш лахар а, хIаллкьяр а. Схьалецна а, хIаллакбина а бандиташ вайн белхахойн нийса дIахIоттийначу тIелатаран белхан тIаьхье ю. Тешна ву вайн бахархошна зуламхой, цара лелийнарг дицлун долу хан кестта тIекхочург хиларх. Уьш берриге а я чубоьхкина, я леррина йолу операцеш дIахьочу хенахь хIаллакбина хир бу, Дала мукъ лахь.
Кхин цкъа а билгалдаккха лаьа, хьалхарчу шерашкахь санна гIо ца лоцу церан регионан бахархоша. Делахь-хIета, даккхий зуламаш дан ницкъ кхочур бац. Итт шо хьалха дерриге а халкъан референдумехь вайн халкъо гучубаьккхира шен лаам, шен ойла – Россин Федерацин дерриге а халкъашца цхьана доьзалехь даха, и лаам хийца а лур бац. Тахана цхьа а ца кхета оцу тобанийн декъашхошна оьшуш долчух, цара лоьхуш долчух, стенна тIехьажийна бу церан къийсам. Денъелла дIахIоьттина республика, адамашна ерриге а таронаш кхоьллина даха, болх бан, деша, садаIа.
Вайх цхьа а вац тIеман шина кампанехь доьзалшкахь цхьа эшам хилаза: дIакъаьстина гергарнаш, хIаллакйина хIусамаш, чохь долу хIума. Iаламат дукха бу хIаллакьхилларш, бехк боцчеран Iанийна цIий. Иза вай цкъа а дицдийр дац. Вай цкъа а йицйийр яц нохчийн лаьтта тIехь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа шайн дахарш дIаделлачу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн цIерш.
– Ишттачарах цхьаъ вара полицин лакхара сержант Сулейманов Юни. И бахьанехь дийна бисина цуьнан бIаьхаллин накъостий…
– Россин МВД-н Соьлжан районехула йолчу полицин отделан полицейскис Сулейманов Юнис шегахь стогалла а, доьналла а хиларца ша бакъволу турпалхо санна гайтира. Цхьа а тайпа шеко яц цуьнан турпалаллин хьуьнар адамаша дицдийриг цахиларан. Бакъонца иштта хила а веза бакъволу полицин белхахо. Иза кхера ца велира, ца вуьйхира. Шен дахар дIа а луш, шега далург дерриге а дира дукха адамаш хIаллак ца хилийтархьама. Сулеймановс майралла а, вухур воцуш хилар а гайтар бахьанехь Iожаллех кIелхьарадехира оцу хенахь полицин районан отделан кертахь хиллачу полицин иттаннаш белхахойн дахарш. Шеконаш кхоллайолуьйтуш йолчу машенах шен бIаьрг кхетча, цо леррина болу гIирс хIоттийра иза отделан керта ца яхийта. Билгалйинчу Iалашоне ша кхочур воцийла хиъча террориста эккхийтира машен. Иза дика гуш ду арахьа тергам латторан камерца даьхначу сурташна тIехь.
Оха Юни пачхьалкхан совгIат даларна хьалхатеттина. Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон берриге а белхахойн цIарах кхин цкъа а даггара кадам бан лаьа Сулейманов Юнин гергарчаьрга, къаьсттина цуьнан хIусамнене а, жимчу шина йоIе а…
– Дукха хан йоцуш министерствехь жамIаш дира кху шеран чекхбаьллачу исс баттахь бинчу белхан. Реза вуй хьо оцу жамIашна?
– Дуьйцийла йоццуш, боккха болх бина республикин бакъонашларъяран органаша кху шеран чекхбаьллачу исс баттахь. Хаъал лахделла зуламаш дар, цу юкъахь адамаш дайар, адамаш лечкъор, талораш дар, ткъа иштта герзан гIоьнца зуламаш дар. Оцу муьрехь ца хилийтира теракташ яр, шуьйрачу барамашкахь экстремисташа питанаш лелор, юкъараллин къепе йохор. Леррина йолу операцеш дIахьочу хенахь хIокху шарахь герзаца дуьхьало ярна хIаллаквина НВФ-н жигара 27 декъашхо. Царна юкъахь ву тобанашна коьртехь лаьтташ хилла виъ куьйгалхо а. Массарна а дика евзаш ю церан цIерш: Гакаев Хьусейн, Хушалаев Адам, Лорсанов Тамерлан, Салиев Рустам. Уьш берриге а бехке бу маьршачу адамашна санна, бакъонаш ларъяран органийн белхахошна а дуккха а барамехь герзаца тIелетарш дарна.
Цул совнаха иштта лецира оцу цхьаьнакхетараллийн 32 декъашхо а, церан гIоьнчий а, кхин а 16 стаг шен бехкана къера хуьлуш Iедална тIеваре а кхачийра. Кхеташ ду оцу декъехь дIахьош болу болх сацо йиш цахилар. Сацор а бац тIаьххьара зуламхо хIаллакваллалц, я чуволлалц.
Дийнна схьаэцча Нохчийн Республикин МВД-н а, Россин МВД-н ВОГО и П-н а структураша цхьаьний динчу гIуллакхийн тIаьхье ю и гайтамаш. Оцу гIуллакхаша таро хилийтира вайн регионехь оперативни хьал дика хиларна кхачоян.
Цуьнца цхьаьна, кхечу ведомствошкахь а санна, шайн балхахь гIалаташ доцуш яц вайн чоьхьарчу гIуллакхийн органаш. Коьртаниг лору ас уьш гар, кхачамбацарш ма-хуьллу сиха дIадахарна тIехьажийна гIуллакхаш деш хилар. Муьлххачу гIуллакха тIехь а кхиаман закъалт ду иза.
– Муьлха хIун декхарш лаьтта тахана чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахошна хьалха?
– Тахана Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахошна хьалха лаьттачу коьртачу декхарех ду, хьалха а санна, терроризман, экстремизман муьлхха а тайпа гучудийларшца, бандитийн тобанех бухайисинчаьрца жигара къийсам латтор, юкъараллин къепе хиларна, вайн бахархойн кхерамзаллина кхачояр. ТIаьхьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь доккха юкъараллин маьIна долу гIуллакхаш, бакъе ма-хиллара, Соьлжа-ГIалахь дIахьо. ДуьххьалдIа кхузахь хуьлу шайна юкъахь дуьненаюкъара маьIна лелош ерш а тIехь, тайп-тайпана конференцеш, семинараш, динца доьзна долу дуккха а гIуллакхаш. Оцу дерригенна а гIаролхой хилла лаьтта нохчийн полицин белхахой. Вай долчохь доккха зеделларг IаIийна и тайпа гIуллакхаш дIадахьарна кхерамзаллин декхарш кхочушдарехь. Цундела чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахой даима а кийча хуьлу тIехIотта тарлуш болчу кхерамна дуьхьало ян. Ма-дарра аьлча, тIаьхьарчу хенахь иштта меттигаш хила а ца хуьлу.
– 10-чу ноябрехь шайн корматаллин де билгалдоккху Россин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша. ХIун ала луур дара хьуна оцу дезчу денца доьзна?
– Нохчийн Республикин МВД-н берриге белхахой, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн ветеранаш даггара декъалбан лаьа шайн корматаллин дезчу денца, хьалха а санна, вайн бахархойн синтеме дахар лардарехь сема уьш хуьлийла, ондда могашалла, доьзалехь ирс-аьтто, балхахь кхиамаш хуьлийла!
Маьрша а, токхе а дахар хуьлда шун а, шун доьзалийн а!
– Баркалла Руслан Шахаевич, тхан хаттаршна жоьпаш дала хан карорна.
Хаттарш дира Нухаев Мохьмада,
Нохчийн Республики МВД-н
пресс-служба
Интервью зорбане кечйинарг –
Л.Магомаев