
ЦхьамогӀа хьехархошца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀалин мэрехь.
Селхана билгалдоккхуш хиллачу хьехархочун денна леринчу цига кхайкхинера пачхьенерчу ишколашкара 20 хьехархо.
Цаьрца цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГӀалин мэран заместитель — Дешаран департаментан хьаькам Ахматов Зеламха.
Йукъараллин дахарехь хьехархоша дӀалоцучу маьӀнах лаьцна дийцира цо шен къамелехь.
Цул тӀаьхьа царна [хьехархошна] Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо дина ахчанан совгӀаташ а, Соьлжа-ГӀалин мэрин цӀарах грамоташ а йелира.
Билгалдоккху и хьехархой шайн балхаца дика ларош а, дешархой Ӏаморан декъехь кхиамаш баьхна а хилар.