«ГӀамаран сахьт»: керла иэсан хӀоллам схьабиллина Соьлжа-ГӀалахь

Кхин а цхьа башха, иэсан хӀоллам бу Соьлжа-ГӀалахь хӀинца дуьйна.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, пачхьенехь схьадиллина «ГӀамаран сахьт».

15 м гергга болчу оцу хӀолламан лакхарчу декъехь йохийна гӀала йу, ткъа лахарчу декъехь — хӀинцалера, тойина гӀала.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Соьлжа-ГӀала иштта хаза а, битаме а меттахӀотталург хиларх тешаш кӀеззиг нах бен хилла цахилар.

«… Тилпоца хиллачу тхан къамелехь Путин Владимира а билгалдаьккхира таханлера Соьлжа-ГӀала ойланашкахь бен хилла цахилар«, — дийцира цо.

Махкахь а, Соьлжа-ГӀалахь а хилларш бахархошна а, хьешашна а дагахь латтийтар Ӏалашонехь а долуш хӀоттийна бу и хӀоллам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: