Нохчийн литературехь шатайпа башха меттиг дIалоцуш вара Ибрагимов Лоьма. ДоттагIаша, белхан накъосташа Канташ олура цунах. Литературни псевдоним иштта яра цуьнан. Дуьнене хьежар а дара цуьнан шатайпаллица къаьсташ. Цу тIера хуьлура деш долу къамел. Амма цхьана а кепара шеконаш йоцуш, массарна девза бакъдерг иштта дара: Ибрагимов Лоьма кIорггера хаарш, лаккхара синкхетам болуш стаг вара. Цуьнан синтем боцчу амалехь дара массо а хIуманна духе кхиа гIертар. Иза даима лехамехь вара. Iаламат хала ду «дика поэт» вара аьлла цхьана жанран гурашка цуьнан кхолларалла ерзо. ПохIме стаг иза массо хIуманна тIехь похIме хиларе терра, доза доцуш шуьйра, кIорггера яра Лоьмин кхолларалла. Цунах самукъадолура Нохчийчуьрчу дешархойн.
1951-чу шеран 29-чу октябрехь Казахстанехь дуьненчу ваьлла вара Ибрагимов Лоьма. Дуьххьара хьалхарчу классе деша цигахь вахара. Амма 1960-чу шарахь ИбрагимовгIеран доьзал, шайн ворхIе да ваьхначу Хьалха-МартантIе цIабирзира. Цигахь чекхъяьккхира цо юккъера школа. Медицинин институте деша вахара. Масех шарахь цигахь дешначул тIаьхьа кхийтира, адамашна дарба лело ша кийча цахиларх. ТIаккха институт Iад а йитина, масийттанхьа белхан меттигаш хийцира, шен экамечу даго къобал бен берг лоьхуш. 1978–1980-чуй шерашкахь советийн эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавирзича вахара иза Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша. Юьртарчу школехь болх бира масех шарахь.
Литературица гергарло школехь доьшуш волуш дуьйна тасаделлера Ибрагимов Лоьмин. Язйина цхьацца байташ яра лакхарчу классашкахь волуш доьшуш дуьйна. Амма иза цкъа сиха вацара зорбане вала. «ВорхIаза юста, тIаккха хадае», – бохучарах вара иза. Цундела, дукха тIаьхьа евзина дешархойн шуьйрачу гуонашна цуьнан кхолларалла. 1990-чу шарахь дуьххьара зорбане евлла цуьнан байташ «Керла дахар» цIе йолчу Веданан кIоштан газетехь. Цул тIаьхьа-м «Даймохк» газетехь, «Нана», «Орга», «Вайнах» журналашкахь кест-кеста гора вайна уьш. Цуьнан кхолларалла йовзарца гучуделира дуьххьара нохчийн маттахь афоризмаш язъеш, гулъеш иза хилар. Мукъалла йоьшург цецваккха язъеш афоризмаш яцара цуьнан. Цхьа шатайпа маьIне, чулацаме яра. Масала, «Хилийтиша, цхьанна лууш делахь, цуьнан деда маймалх схьаваьлла!». 1992-чу шарахь зорбане елира цуьнан «Зерийн тидарш» книга тIаккха «Психография» елира, 1994-чу шарахь «Афоризмы» цIе йолу книга, зорбане елира. 2005-чу шарахь «Маржа дуьне» цIе йолу книга зорбане елира. Эххар а, 2011-чу шарахь оьрсийн маттахь а, нохчийн маттахь а «Хаьржинарш» цIе йолу книга зорбане яьккхира Ибрагимов Лоьмас. Цхьа Iаламат мехала гIуллакх дан ца ларош, ша бахьанехь юкъахдисарна кхоьруш санна, даима сиха вара иза. Лакхахь хьахийна, зорбане йийлина книгаш, кхечанхьа болх беш волуш вовшахйиттина ю цуьнан. Цо телевиденехь болх бина. 1999-чу шарера 2002-чу шаре кхаччалц «Орга» журналан коьрта редактор волуш болх бина. ТIаккха «Гоч» журналан коьрта редактор волуш болх бира 2006-гIа шо кхаччалц. 2003-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Академехь болх беш вара. Цигахь болх беш язйина, тIечIагIйира цо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци. Иштта-м Лоьмас «ГIаттаман либретто» язйинера вайн махкахь оперни театр хиларе сатесна. Доцца аьлча, воккха къинхьегамхо вара иза, синшорто йолуш стаг вара. Кхин хIумма а цо дина ца хилча а, нохчийн литературин исторехь юьсур йолуш яра цуьнан сирла цIе, вайнехан халкъана, махкана уггаре а халачу муьрехь цо зорбане яьккхина нохчийн поэзин антологи бахьанехь. Шен лаамехь цо итт шарахь бина болх бара иза: Нохчийчохь ву бохучу, цкъа мацах хилла бохучу поэтан байташ схьагулйина 2003-чу шарахь зорбане яхар. Оцу мехалчу гIуллакхо гойту, шен къам а, цуьнан литература а цунна мел дукха дезаш хилла хилар. Баккъал а, дукха болх бу иза цхьана стагана. Бакъду, дан лерина кхин а дукха дара Ибрагимов Лоьмин. Амма, мел халахеташ делахь а, оьмар дукха йоца хилла-кх цуьнан. 64 шо кхачаза вара иза, 2015-чу шеран май беттан 14-чу дийнахь вайна юкъара дIавоьдуш. Массо цецваьккхира оцу шийлачу кхоо, дог Iаьвжира вевза-везачийн. Цкъа а могашалла ялхош вацара иза. Сел хьалхе малх кхетачу дуьненах къаста воккха вацара. Иштта хьекъале а, шен меттехь ира забар ян хууш а яздархой вайн дукха бацара. Цундела, боккха иэшам бу къоман литературина Ибрагимов Лоьма санна волу говза яздархо, поэт юкъара дIавалар. Iаламат халахета кхин а цхьа похIме воцуш вай дисар. Делахь а, вайца яха йисина цуьнан кхолларалла. Цунна юкъахь ю Нур-ЖовхIарх лепа поэтан байташ. Кхин цкъа а еша вай уьш, цуьнан ламанах схьаIийдало шовда санна, хьаьъна хилла ойланаш карлайохуш.
Меттамотт биллина, метан мотт Iамийна,
Iожаллин дохк-мархо билгало кховдийча,
Сайн цIарах вон-дика жамIате гулдина –
Цхьа лаам бара сан… кхочушбан йиш хилча.
Сайн вонийн йозалла белшаш тIе йиллина,
Дикано белла ницкъ лаамах хуьйдина,
Сан гIатта ойла ю кIайн кисин меттара –
Дуьсучу дуьненах бIаьрг буза тIаьххьара…
ГIатталахь, гIаьттина гIоттучу малхаца,
Бераллин некъашца эвлайисте вера ву.
Оьмаро хьаькхна сиз къаьстачу гу тIера,
Гилгаме жил-Iалам бIаьрсица хьостур ду.
Вахалахь, умматан кешнашка вахана…
Хьомсара хиллачийн баьрзнаш тIе хIоьттина:
Дуьненна къинтIера со вала хьожур ву,
И сайна къинтIера со даккха хьожур ву…
НОХЧИЙЧОЬ
Ийман доцчохь синтем боцуш,
Эвлаяъ воцчохь тоба доцуш,
Орца даккхал цхьалха висча,
Ас хьо Деле сайна ехна.
Къа латийча, къера хилла,
Халкъан гIайгIа хорам хилла,
Хьераваллал зама зийча,
Ас хьо Деле цIарца ехна.
Нана йоцчохь ненан воцуш,
Ваша воцчохь бакъо йоцуш,
Иэсах валлал жоьра висча,
Ас хьо Деле цIийца ехна.
Пана махкахь пана висна,
Малик делхар сайна дисна,
Эрна арахь эрна висча,
Ас хьо Деле сайна ехна.
***
Цхьаъ лоруш ца хилча,
Цхьаъ везаш ца хилча,
Цхьаъ веззал, цхьаъ ларрал
Кийрахь дог ца хилча –
Ирча ду дахар.
Цхьа ойла ца кхаьбча,
Цхьа дика ца хьегча,
Схьатоьхнарг дIатоххал
Са акха ца хилча –
Хала ду дахар.
А.АРАПХАНОВА
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо
