
Тахана Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина башха а, дукхахьаштийн а «Минутка» комплекс.
Цигахь дакъалецира Россин вице-премьера Хуснуллин Марата, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ГӀезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама, кхечара.
Билгалдоккху и комплекс схьайеллар Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 70 шо кхачарна лерина хилар.
Федерацин куьйгалхочун таханлера юбилей даздаршца йазйина Соьлжа-ГӀалахь.
«Минутка» комплексан хьокъехь аьлча, 10 а, 13 а, 16 а гӀаьттнех лаьттачу корпусашна йукъахь нартол а йолуш йу иза.
Петарш хиларал сов, фитнес-туьшаш а, кафе а, машенаш дӀахӀиттайойла а, хӀуманаш Ӏалашйойлаш а йу цу чохь.
Битаме йалийна уьйтӀеш дӀалаьцна берийн а, спортан а, баскетболан а, садаӀаран а майданаша.
«Смарт Билдинган» коммерцин директора Чайкин Алексейс хаийтина и комплекс йар Кадыров Рамзанан дӀадолор хилла хилар.