70 доьзална петаршца совгӀаташ дина А-Хь.Кадыровн фондо

Мискачу а, шайн долахь хӀусамаш йоцчу а доьзалшна петарш йелла селхана Соьлжа-ГӀалахь.

Билггал аьлча, керла петарш кхаьчнарг 70 доьзал бу.

И маьӀне гӀуллакх Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 70 шо кхачарна лерина дара.

Оцу доьзалийн дог а хьостуш, и болх шен чоьтах дӀабаьхьнарг, ламасте дирзина ма-хиллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу.

Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀоштарчу Айдамиров Абузаран цӀарахчу кӀотарахь нисйина и петарш: 5 гӀатт долу дукхапетарийн цӀа тодина оцу Ӏалашонца.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: