
Дакъалоцуш божарийн 13 а, зударийн 5 а команда а йолуш, В.Путинан цӀарахчу Дзюдон Олимпийн туьшахь дӀайаьхьна дзюдохула йолчу клубашна йукъара Россин чемпионат.
Нохчийчоьнан цӀарах 3 команда йара дакъалоцуш: 1) Ахмат; 2) Т-Ӏ.Кадыровн цӀарахлера Эдельвейс; 3) Беркат.
Чемпионатан жамӀаш иштта нисделира: 1) Ахмат (Нохчийн Республика); 2) Явара-Нева (Санкт-Петербург); 3) Локомотив (ГӀебартойн-Балкхаройчоь) а, UWS (Свердловскан область) а.
Билгалдоккху цигахь дакъалоцуш Россин вице-премьер Хуснуллин Марат а, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ДХР-н куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волу Пушилин Денис а хилла хилар.
Чемпионат вовшахтоьхнера Россин а, Къилбаседе-Кавказан ФО-н а, НР-н а дзюдохула йолчу федерацеша а, НР-н физически культурин а, спортан а министерствос а.
Иза дӀайахьарехь доккха гӀо-накъосталла лаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.