Кадыров Рамзан: ГӀирмин тӀайна Ӏуналла дан кийча бу нохчийн Къоман гвардихой

Нохчийчуьра Къоман гвардихой кийча бу Краснодаран махка а, ГӀирме а дӀабаха а, ГӀирмин тӀайна тӀайна а Ӏуналла дан а.

«Хьашто а, омра а хилахь, нохчийн Къоман гвардихой кийча бу Краснодаран махка а, ГӀирме а дӀабаха а, ГӀирмин тӀайна тӀехула дӀаселалачу транспортана а, ша тӀайна а Ӏуналла дан а. Эшахь — хӀинцца а. Иштта болх баран зеделларг долуш ду«, — хаийтина Кадыров Рамзана.

НР-н Куьйгалхочо иштта дӀахьедар дина «Нохчийчоь — Тахана» хаамийн агентствона.

Дагадоуьйту ГӀирмин тӀай тӀехь тахана йоккха машен эккхийтина хилар.

Ткъа селхана, хууш ма-хиллара, Хан-ГӀалахь (Соьлжа-ГӀала) дӀадаьхьира нохчийн бакъонаш ларйаран органийн белхахой даздаран хьолехь дӀахӀиттор.

20 эзар бӀаьхоца цхьаьна цигахь дакъалоцуш хиллачу Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Россин Ӏалашонаш а, нохчийн халкъан ламасташ а, дин а, доьзалан мехаллаш а тӀаьххьалц ша а, нохчийн бӀаьхоша а ларйийриг хилар.

Иштта, Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш 10 эзар гергга вайн бӀаьхо хилар а тӀетуьйхира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: