Вайн махкахошна дагайогIу хир ю хьалха тIеман хиламаш хилале (10-20 шо хьалха) Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телевиденехь дIахьош хилла «Могашалла» программа. Цуьнан автор а, иза дIахьош а вара Россин Федерацин хьакъволу лор Магомадов Iабаз. Дуккха а керла хIуманаш довзуьйтуш яра и программа. Невропатолог волчу Iабаза дуьйцура деган-пхенийн лазарех лаьцна, царна дарба дарх лаьцна.
Тахана вайн дахарехь дуккха а хIуманаш хийцаделла. Дуьненчохь коьрта хилла дIахIиттина кхин мехаллаш: бизнес, махлелор, саяккхар. Нагахь 60–80-чуй шерашкахь коьрта меттиг хааршний, дешарний, хьаналчу къахьегарний дIалуш хиллехь, ерриге а пачхьалкхехь политикин а, экономикин а, социальни а дакъашкахь хиллачу хийцамаша тахана и синмехаллаш соне теттина. Россин телевиденин программашна юккъехь наггахь бен ца карайо мискачу нахана пайденна йолу программа. «Рыночни юкъаметтигашна» некъ баьстичхьана, могашаллин дукхах йолу учрежденеш шайна пайда лаха юьйлаелла. Интернет-сетан агIо хилла дIахIиттина цамгарех а, царна долчу дарбанех а лаьцна материалаш.
Доккха зеделларг долчу лоьрана елла тайп-тайпана цIерш ю: «Нохчийн Республикин хьакъволу лор»,«Россин Федерацин могашалла Iалашъяран отличник», «Россин Федерацин хьакъволу лор», «Лакхарчу категорин лор-невропатолог». Оцу цIарах хIора а хьанал къахьегарца яьккхина Iабаза. Цул сов иза Гиппократан орденан кавалер ву.
Дуккха а шерашкахь коьртачу лоьран болх бина Iабаза Гикалорчу больницехь. Грозненски районна чуйогIучу ярташкара цомгаш дукха нах хуьлура цуьнга дарба дойтуш. Жоьпаллечу лоьро цхьа дархо ца вуьтура терго йоцуш. Шен болх доггаха безаро ницкъ а, хьуьнар а лора Iабазана церан лазарш дайдан. Нийса молха лахар санна хетара цунна хазачу дашца цомгашчу стеган дог-ойла гIаттор. Лакхара говзалла йолчу невропатолого шен балха тIехь пайдаоьцура психотерапевтан методикех. Цунна хаьара дархо ша-шех тешо, цуьнга дог ца диллийта.
Iабазана цкъа а ца хаьара мукъа Iер хIун ду, иза даима лехамехь вара. Цунна лаьара шен хаарш а, зеделларг а шуьйра даржо. Цундела лецира цо нохчийн телевиденехь «Могашалла» программа дIаяхьар шена тIе. 30 шарахь сов дIакхийхьира цо иза. Тайп-тайпанчу лазаршна ян еза профилактика юьйцуш, хIора кIирнах цхьаьнакхетара иза телехьовсархошца.
1990-чу шерашкахь хийцаеллачу политикин системо вайн дахар а хийцира. Цхьаццадолчу хIумнашна тIехь паргIатонна некъ бастаро тIекхуьуш йолу тIаьхье талхо йолийра. Царна юккъехь шуьйра яьржира корта бахош йолу хIуманаш. Цу гIуллакхана чIогIа сагатдора лоьро. Орца доьхуш, Iедалан ерриге инстанцешкахула чекхваьллачу Iабазана, ша тергалвеш цхьа а ца карийра. ТIаккха вахара иза, цу хенахь республикин муфти хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIе. Корта бахош йолчу хIуманаша деш долу зен дуьйцуш, «Могашалла» программехь дакъалацар дийхира цо цуьнга. Вехха Iийра и шиъ къамел деш. Хьалххе дуьйна и юкъараллин лазам теллинчу Ахьмад-Хьаьжин дийца а, хьеха а дуккха а дара. Муфтис элира: «Уггаре а хьалха – уьш лелочу стаге нехан а, Делан а цабезам хуьлу , шолгIа – цо шен доьзална эшам бо, уьш юьхьIаьржа хIиттабо, холчу хIиттабо, кхозлагIа – цо муьлхха а зулам дан тарло (хIума лачкъо а, стаг вен а), доьалгIа – шен могашалла талхайо цо. Цуьнан чаккхе белхаме хуьлу, и дукха ца веха. ПхоьалгIа – Дала хьарам динарг а лелош, шена доккха къа латадо цо». Iабаза боккха пайда ийцира Ахьмад-Хьаьжин хьехамех. Телевизионни программаш кечъеш а, зорбане материалаш йохуш а коьрта тидам царна тIебохуьйтура лоьро.
1992-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжас шеца ХьаьжцIа вигира Iабаз. Цигахь хIора сарахь вовшех дагавуьйлура и шиъ. Хьарамчу гIуллакхех кегийрхой ларбан мехал гIуллакхаш кечдира цара . Школашкахь а, лакхарчу дешаран заведенешкахь а хьарамчу гIуллакхех ларваларан предмет юкъаяло некъаш лахар деза бохура цара. Кегийрхошна оьшуш йолчу учебникийн гIайгIа бан безаш ерг республикин наркодиспансер яра. И дерриге а могашаллаIалашъяран министерствон тергонехь хила дезаш дара. Иштта яра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Магомадов Iабазаца цхьаьна кхоллаелла ойланаш…
Б.ДУДАЕВА
№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо