Исламца йоьзначу экономиках а, финансех а дийцина кегийрхошна

Нохчийн кегийрхошна дийцина Ислам-динца йоьзначу экономиках а, финансех а лаьцна.

«Исламан финансех а, экономиках а кхетор» аьлла семинар вовшахтоьхнера Шайх Зайедан цӀарахчу фондо.

Коьртачу декъана, дакъалацархошна дийцира Исламан экономикин сегментех лаьцна, тидамза Исламан финансашца доьзнарг а ца дуьтуш.

Вовшахтохархоша хаийтарехь, вайн махкарчу кегийрхоша Исламан экономикица а, финансашца а доьзнарг таллар алсамдолуш ду.

Цундела хаьржина йара оцу семинарехь и тема.

Билгалдоккху иза дӀахьош Шайх Зайедан цӀарахчу фондехь къахьоьгуш волу шарӀан говзанча Тазбаев Олхазар хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: