
Республикерчу медицинин учрежденешна рогӀера машенаш йалийна: кадечу медицинин гӀоьнан 15 а, санитарин 40 а машен.
Уьш дӀайаларехь дакъалоцуш хиллачу мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира машенаш Медицинин хьалхара дакъа кхиоран декъерчу проектан гурашкахь эцна хилар.
Медицинин кадечу гӀоьнан машенийн хьокъехь аьлча, уьш, «ГАЗелан» буха тӀехь а йолуш, «Б» классан машенаш йу, кислородан станцийн биста кхаччалц гӀирсаш шайна чохь а болуш.
Санитарин машенех лоьраш дархошна тӀебигарехь а, молханаш дӀасадахьарехь а, и.д.кх.а пайдаоьцур бу.
«Меттигера а, къоман а проекташ кхочушйар республикехь лаккхарчу тӀегӀанехь дӀахьош хиларх воккхавево со«, — йаздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.