Р.Кадыров: Украинехь дӀахьочу операцина хӀинца чӀогӀа реза ву со

Киевна тӀетоха йолийна аьлла, аьрзнаш дечу Зеленскийн хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.

«Хьуна, паспас-Зеленский, хьайна мегаш, кхечарна ца мегаш ду моьттура?«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Украинин эскарша маьршачу бахархошна тӀе а йетташ, Донбассерчу республикийн инфраструктура а йохош, атомийн станцешна даккхий герзаш а детташ, тӀайш а лоьлхуьйтуш 8 шо даьлла хилар а дагадаийтина Кадыров Рамзана.

«Вада, Зеленский, вада, Малхбузене а ца хьоьжуш«, — тӀетоьхна цо.

Иштта, Украинехь тӀеман леррина операции дӀайахьарехь Росси ницкъ ма-ббу йолайелла цахилар ша хӀоразза а цуьнга баьхна хилар а хоуьйтуш, и операци дӀайахьарна хӀинца ша 100%-на резахилар хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: