
Четарийн спортехула долу къийсадаларш дӀадирзина вайн махкахь.
Россин спецназан университетерчу Goodsky туьшахь дӀадаьхьира РФ-н Президентан В.Путинан 70 шо кхачарна лерина къийсадаларш а, А-Хь.Кадыровн иэсана леринчу Россин Кубкан финал а.
Россин 20 субъектан а, Беларусин а, Казахстанан а векалша дакъалецира цигахь.
Зударшлахь тоьлларг О.Кравченко (ВДВ) йара, ткъа божаршлахь — И.Жаринов (Рязанан область; ВДВ).
INTER классехь толам А.Алексахина (Москван область) баьккхира, А классехь — Д.Ищенкос (Самарин область), ткъа OPEN классехь — А.Игнатов (Кемеровн область).
Командашлахь хьалхейаккхарехь туьйлира Кемеровн область, 2-гӀа меттиг Тулин областана а, 3-гӀа меттиг SkyShopRussia-на а кхочуш.
Россин Кубкан дерриге а дакъошкахь толам баьккхинарг С.Романюк хилира (Кемеровн область).