
Дакъалоцуш Россин вице-премьер Хуснуллин Марат а, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш, Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина Россин Президентан Путин Владимиран цӀарахлера Дзюдон Олимпийн туш.
Ша и туш йарал сов, цуьнан уьйтӀе а, кетӀе а битаме йалийна, гуонахарчу некъашкара силаман чкъор а цӀиндина цигахь.
Туш йоккхачу залах а, говзанчашна леринчу залах а, фитнес-залех а, бассейнах а, кафетерийх а, фито-барах а, туьканах а, хьешацӀийнах а лаьтташ йу.
Билгалдоккху цуьнан аналог йа Къилбаседе Кавказехь а, йа Россин Къилбехь а цахилар.
Республикин а, Россин а, дуьненайукъара а тӀегӀанашкарчу спортан мероприятешна лерина йу иза.