Шатайпанчу экономикин рогӀера майда а кхуллур йу, таможнин болх а кхиор бу

Куьйгаллехь Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш, леррина кхеташо дӀайаьхьна Правительствехь.

Цигахь дийцаре дина Соьлжа-ГӀалин «Северный» аэропорт йаран а, тойаран а проект кхочушйар.

Иштта, къаьсттина тидам тӀебахийтина аэропортан дозанашкахь шатайпанчу экономикин майда кхолларна.

Тидамза ца дитина Нохчийн таможнин постан балхаца нислуш долу кхачамбацарш а.

И дерриге а гӀуллакхаш НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош хилар хаийтира гулбеллачарна Хучиев Муслима.

Шатайпанчу экономикин рогӀера майда кхолларан хьокъехь аьлча, заявка кечйаран болх жигарбаккхар а, резидентийн хьокъера хаамаш кечбар а тӀедиллира Премьер-министра.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: