Беркате Рамадан!

4431762239_dc08b3200c_o

ТIекхечи сийлахь, вай шега дукха сатийсина Рамадан бутт! Бусалбанийн рузманахь (хена гонехь) уьссалгIа  бу иза. Бусалбанашна уггаре а беза, мехала, сийлахь болчу. Рамадан берриге а баттахь  марханаш кхобу вай, хи маларх, кхача баарх, Дала магийна доцучух юхакхетий, ойла  Далла тIейохуьйтий. Буьйсанаш денйо, Iамалш ярца, Iибадат дарца.

«ХIай, бусалбанаш! Шуна тIедиллина марханаш кхабар, шул хьалха  хиллачарна  санна. Делах кхоьруш шу хилийта… (Къуръан, сурат.2, аят 183).

«Iаьржа тай кIайчу тайх къастало хан тIекхаьччахьана малх дIабуьзна баллалц  кхачанах  ца  кхеташ  Iар кхачаме  дац марханаш кхобуш  волчунна. Коьртаниг ийман, ислам, ихьсан чIагIдар ду, шен дахаран, вахаран-валаран ойла  яр, коьртаниг а, коьртазниг а къастор ду. Бусалбанна марха  кхабар иза уггаре а хьалха  бехкам  биначунна хервалар, Делан нийсачу  некъа  тIехь чIагIвалар ду.

Марханаш кхабар тIехь ду пхийттара ваьллачу хIора бусалбанна. Иза бусалбанашна тIедиллинчу  пхеа  фарзах цхьаъ ду. Марха кхабар тIехь  дац и кхаба  ницкъ, могашалла, аьтто  боцучарна: некъахочунна (нагахь санна иза  Дела резахинволчу  новкъахь велахь),  лазарца  волчунна (нагахь санна  марха  кхаьбча  цуьнан  лазар чIагIлур долуш делахь. Амма ша  кхабаза  дисинчу хIора мархина тIера  каффарат дала деза цо  я цхьа  миска  вузо веза  я гIийлачунна гIо дан деза (дийнахь ша юучунна  ечу харжан барамехь).

ХIокху шахIру Рамадан батта чохь ю ша саннарг кхин йоцу  сийлахь буьйса. Лайлатул къадри буьйса олу цунах. Вайн Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Сийлахь Къуръан  досса  долийна буьйса  ю иза. Дала доIийна жоп луш, Шен къинхетам  бусалбанашна тIебоссош буьйса  ю иза. Дала оцу  буьйсанна язбеш бу вайн кхолламаш, вайн рицкъанаш. Лайлатул къадри буьйса  эзар баттал еза а, сийлахь а ю. Оцу буьйсанна йина Iамал эзар баттахь йинчул тоьлашха ю, гIолехь  ю. Баккъал а, АллахIа  доккха совгIат дина Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматана и буьйса яийтарца, оцу буьйсанна вайна  Iибадаташ  дан таро яларца. Эзар баттал  тоьлашха  ю-кх и цхьа буьйса. Эзар бутт – иза дезткъе  кхо шо  хан  ю я стеган дийнна дахар. Мел доккха хIума  ду оцу буьйсанан беркат.

Оцу сийлахьчу буьйсанна маликаш а, Джабраил а АллахIан  пурбанца Делан Iаламашка охьадуьсу. Кхечу цхьана а буьйсанна хуьлуш дац иза.  Оцу буьйсанна цхьа а бохам а, сингаттам  а хила йиш яц. ХIунда аьлча шеца доккха беркат  дохьуш йогIу  иза. Малх дIабуьзча  тIееана и къинхетаме буьйса сатассалц лаьтта. Цуьнан дикаллин, беркатан  хьокъехь дуккха а хьадисаш ду. Хууш ду и сийлахь-еза буьйса Рамадан беттан тIаьхьарчу иттаннах цхьаъ хилар. Иза ларъян еза витру деношкахь (шинна ца  декъалучу  деношкахь, масала: 2I, 23…27). Лайлатул къадри буьйса хIора мархийн баттахь йогIур йолуш ю (хIуттур йолуш ю) къемата де  тIекхаччалц.

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Рамадан беттан тIаьхьарчу итт дийнахь маьждигехь Iаш хилла. Оцу деношкахь  а, буьйсанашкахь а ерриге а хан АллахIана Iибадат деш дIайохуьйтуш хилла а, Лалатул къадри буьйса ларъеш. Иза билггал муьлхачу  буьйсанна хир ю хууш дац. Иза цахаарехь а доккха хьикмат ду. Оцо бусалбанашка  Рамадан беттан  тIаьхьара итт буьйса денйойту. Оцу буьйсанашкахь цаьрга Iамал-Iибадат дайтар совдоккхуьйту, и буьйса ларйойту. Иза ларъеш верг Дала шех къинхетам  байта, и беркате  буьйса шена  гайта  дуьненан хIуманех, марзонех, къамелех хервала веза. Дела хьехо веза  цо. Къуръан деша деза, ламазаш дан деза, кхийолу Iамалш ян еза.

Мерза сатийсам, мерза ладогIар ду-кх иза! Делан некъа тIехь нисвеллачу хIора муъма  стагана  АллахIан лаамца, къинхетамца  ган йиш йолуш  а ю-кх хIокху шахIру Рамадан баттахь. Дала и ган, цунах  ирс эца пурба деллачарах дойла  вай.

Рамадан бутт чекхболу  Ид уль-фитр  Iийдаца, вуьшта аьлча, мархадастаран Iийдаца. Иза дIадолало  Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх дIабуьзначул тIаьхьа. Шаввал беттан хьалхарчу дийнахь а дIахьо мархадастар. Фарз мархийн Рамадан бутт чекхбаьлча, Шаввал беттан хьалхарчу Iуьйранна маьждигашкахь мархийн Iийдан ламазашка боьлху бусалбанаш. Iийда чекхдаьлча дIадолало мархадастар. Нохчийчохь  гIиллакх хилла дIахIоьттина Iийде дахале а, цул тIаьхьа а вовшийн марханаш къобалдар. Куьпара, юьртара цхьа а къано, лазархо ца вуьту  марха къобал ца деш. Вайн махкахь санна лерина цхьана а меттехь ца  леладо  иза. Мархадостучу деношкахь вайн хIусамашкарчу стоьлаш тIехь даима а токхе кхача лаьтта. Оцу деношкахь дуккха сагIанаш а доху. Цхьа а гIийла-миска ца  вуьсу цунах дакъа  ца  кхочуш.

Иштта кхин а цхьа дика гIиллакх а ду вайн халкъан. Мархадостучу деношкахь гергачеран кешнаш тIе хIуьттуш, царна (хуучо) ясинаш доьшуш, Деле гечдар  доьхуш доIанаш деш. Иза чIогIа хаза гIиллакх ду  вайн дайшкара  вайга  кхаьчна,  вай тахана  лардеш дIахьош.

Рамадан баттахь Делан дуьхьа мел динчу диканах ял ялар,  хуьлийла иза саьхьаш дахар, сагIа далар, закат далар, зуькар  дар, ламаз дар, цомгашчунна (тIехIотта) хьажа  вахар, зерате  вахар, гIийлачунна  гIодар, Дала дуккхазза а алсамдоккхур ду. Хьомсара вежарий, йижарий, вайна  Дала деш долу и совгIат схьаэца хьовса  вай! Вайх цхьа а вац-кха  тIебогIу  болчу мархийн батте  вар ву-вац хууш. Iожалла  когаш кIелахь ю-кх. Цундела ницкъ ма-кхоччу  хIокху мархийн  баттахь нисдала, Дела резахинволчу некъа тIехь  чIагIдала хьовса деза вай дерриге а.

Веза а, Сийлахь а, Воккха а волчу АллахIа гIодойла вайна хIара денош а, буьйсанаш а Шена Iамал-Iибадат дарехь дIаяхьа! Дала Ша резавинчарах  дойла вай, Дала Шен нийсачу некъа тIехь нисдинчарах дойла вай!

Р.ДАДАЕВ   

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: