Физкультурин а, спортан а комплекс схьайиллина Эвтарахь

«Спорт — дахаран кеп» проект кхочушйаран гурашкахь йина физкультурин а, спортан а комплекс схьайиллина Эвтарахь.

Баскетболах а, гандболах а, волейболах а, теннисах а, бадминтонах а, футболах а ловза а, аттачу атлетиках пайдаэца а хьелаш долуш комплекс йу иза.

ХӀинца дуьйна цу чохь дӀахьур ду меттигерчу тӀегӀанера спортан ловзарш а, цхьаьнакхетарш а.

Комплекс схьайелларехь дакъалецира НР-н физически культурин а, спортан а министра Эдилов Валида.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: