
ХӀинца дуьйна мера чу туху вакцина а йу Нохчийчохь. Иза, кхеташ ма-хиллара, COVID-19-на дуьхьалонна лерина йу.
342 эзар атомайзер йу вайн махка кхаьчнарг. Оцу хьокъехь хаам бина Къилбаседе-Кавказан ФО-н коьртачу эпидемиолога Муртазалиева Асета.
Цул сов, медицинин учрежденешкахула уьш дӀасайекъна хилар а хаийтина цо.
Цуьнца а догӀуш, ревакцинаци йойтучу бахархойн бакъо йу вакцина йаран кеп харжа: йа маха тухуш, йа мера чу тухуш.
Атомайзер — механ бохье буллуш болу леррина гӀирс